ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусах 3 стаг велла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса


Къилбаседа Кавказехь кхин а 399 стагехь гучуяьлла COVID-19, велла дийнахь-буса 3 вахархо.

Коронавирусна дуьхаьлоечу штабо хаам барехь, цхьацца вахархо кхелхина Кхарачой-Чергазийчохь а, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь а.

Юхьанца дуьйна велла уьнах Къилбаседа Кавказехь 62 стаг.

ТIаьххьарчу дийнахь а, коронавирус яьржичхьана схьа а довзийтина терахьаш ишта ду:

  • Дагестан +103 (827 юьхьанца дуьйна схьа)
  • Краснодар-мохк +73 (780)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +43 (348)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +42 (282)
  • ГIалгIайчоь +37 (552)
  • Ставропол-мохк +36 (421)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +28 (300)
  • Нохчийчоь +22 (409)
  • ​Адыгей +15 (134)

Верриг а ун хьакхаделларг ву Къилбаседа Кавказехь 4053 стаг, ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 80 949.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG