ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: коронавирусца хьал мел а аттачу даьлла, шен хеннахь контрол латторна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Шен хеннахь дозанаш детташ, оьшу барамаш дIабахьарца доьзна Нохчийчохь COVID-19 вирусца лаьтта хьал даьржина ца хилийта таро хилла шайн аьлла, дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Новости" агенталло бина цунах лаьцна хаам. Коронавирусца къийсам латтон Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан информацица, тIаьххьарчу дийнахь-бусий 20-25 стагца коронавирус къаьстина.

"Шен хеннахь дозанаш тохар бахьана долуш, республикехь коронавирусан инфекцех ситуаци контролехь латто таро хилла", - аьлла, яздина Кадыровс шен Твиттерехь. Цо бахарехь, "вирус мел а кIадъелла, ткъа цо дегайовхо юьту".

Нохчийчохь 409 стаг ву ун даьлла. Царех 25-нна дарба хилла, 6 велла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG