ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь гIуда тоьхна карантинан раж йохийначу 42 стагана


Изоляцин а, карантинан а низамаш дохийначу 42 стагана дуьхьал административан гIуллакхаш даьхна Нохчийчохь, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. ​Цуьнца доьзна даккхий гIуданаш кхачадо царна.

"Коронавирусан ун даржа кхерам лаьттачу юкъана административан жоьпалла тIедожош практикан мониторинг ю дIахьош. Долчу зерашца, изоляцин а, карантинан а раж йохийначарна дуьхьал айдина 42 гIуллакх 6.3 а, 20.6.1. артиклашца. Бахархошна даккхий гIуданаш деттар хьоьху лелачу низамашца", - аьлла, хаам бина республикан прокуратурехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG