ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стигалкъекъа-беттан дезденош чекхдовллалц карантин яхъяре сатуьйсу регионийн куьйгалхоша


Москва. Гайтаман сурт.
Москва. Гайтаман сурт.

Шинарин дийнахь дIакхайкхийна ю Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран губернаторшца видеоконференцин режимехь кхеташо, яздо МК.RU зорбан гIирсо. Стигалкъекъа-беттан дезденош чекхдовллалц мукъаденош дIадахдаре сатуьйсу регионийн цхьаболчу куьйгалхоша.

Вологодскан кIоштан губернатор тешна ву, карабогIучу беттан 11-чу дийне кхаччалц мукъаденош кхайкхор ду аьлла.

Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, тIедогIучу кIиранах Путин бахархошка вистхила тарло, коронавирусца къийсам латторах керлачу барамех а дуьйцуш, аьлла. Де билгал ца даьккхинера Кремлан векало.

Оцу юкъана, "Чечня Сегодня" агенталло яздарца, Оьрсийчоьнан могушаллин министраллан берийн инфекцийн лоьрана Лобзин Юрийна хетарехь, Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийне гергга дIаяхъян еза карантинан раж. ХIинца а хьалхе ду боху цо, хьалхалерачу форматехь школашка болх болабайта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG