Коронавирусах ун даьлла кхин а ши стаг кхелхина ГIалгIайчохь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а, яздо "Кавказский узел" агенталло. Верриг а хIинца 17 стаг ву цигахь велларг.
COVID-19 вирус кхетта ву ГIалгIайчохь, кIиранан суьйранна бинчу тIаьххьарчу хаамца, 515 стаг. Царах 48 реанимацехь чолхечу хьолехь ву.
Оперативан шатабан хаамашца, верриг а коронавирусан симптомашца дарбан хIусамашкахь охьавиллинера 407 стаг, царах 200 вахархочунна ун даьлла хилар тIечIагIдина. Дарба хилла ву - 15.
Карарчу хенахь ГIалгIайчохь гIоле хилларг de верриг 90 стаг.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ