ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу дийнахь-бусий Къилбаседа Кавказехь вирусах велла 5 стаг, ун даьлла ву кхин а 424


Коронавирус, дезинфекция, тест, медицина, врач, доктор, Ставрополь, карантин, маска / Coronavirus, disinfection, test, medicine, COVID-19, doctor, Stavropol, quarantine, mask
Коронавирус, дезинфекция, тест, медицина, врач, доктор, Ставрополь, карантин, маска / Coronavirus, disinfection, test, medicine, COVID-19, doctor, Stavropol, quarantine, mask

ТIаьххьарчу дийнахь-бусий Къилбаседа Кавказехь пхи стаг велла коронавирусах, 424 вахархочух ун кхетта. Коронавирус ца яржийта вовшахтоьхначу Оперативан штабан информацица, COVID-19 вирусах ГIалгIайчохь велла 4 пациент, цхьаъ Кхарачойн Чергазийчохь. Верриг а Къилбаседа Кавказан регионашкахь инфекцех кхелхина 67 стаг.

ТIаьххьарчу буса ун даьлларш къаьсттина дукха бу Дагестанехь - 167.
Дагестанехь +167 (верриг а 994 вара эпидеми яьржичхаьна)
Краснодаран кIоштахь +57 (837)
Къилба ХIирийчохь +53 (401)
ГIалгIайчохь +38 (590)
Ставрополан кIоштахь +33 (454)
ГIебарта-Балкхаройчохь +29 (329)
Нохчийчохь +20 (429)
Кхарачойн Чергазийчохь +19 (301)
Адыгейхь +8 (142)

COVID-19 вирус юкъаяьлчхьана Къилбаседа Кавказехь ун даьллера 4477 стагана. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь 87 147 вахархочунна кхеттера ун.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG