Оршотан суьйранна бинчу тIаьххьарчу хаамашца, Нохчийчохь коронавирусан ун даьлла 429 стаг ву, яздо REGNUM агенталло. Дарба хилла эпидеми яьржичхьана 26 пациентана. Велла уьнах 6 вахархо.
Цу кепара терахьаш довзийтина республикан могушаллин министро Сулейманов Эльхана, хIора сарахь махкахошна хьалха COVID-19 вирусах информаци Iорайоккхуш вистхиларехь.