ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карантинан раж малъян дагахь бу Нохчийчохь


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Оперативан штабана тIедиллина, шен-шен муьрехь карантинан раж малъеш болх дIаболабар. Штабаца хиллачу кхеташонан эфирехь Кадыровс план кечъе аьлла, кегий туьканаш а, машенаш тоен станцеш а схьаелла, яздо "Интерфаксо".

Ишта урхалхочо билгалдаьккхина, нах вовшахбетташ, ловзарш хIиттор а, зуькарш, мовладш дешар а юхаозо деза аьлла.

Охан-беттан юьххьехь дуьйна комендантан сахьт ду Нохчийчохь лардеш. Оццу беттан 17-чохь коронавирусца къийсам латточу гурашкахь шога карантин дIакхайкхийра махкахь.

ТIаьххьарчу информацица, Нохчийчохь COVID-19 вирус кхетта 429 стаг ву. Эпидеми яьржичхьана гIоле хилла 23-нна, велла 6 стаг. Лоьрийн тергонехь ву 1033.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG