Оьрсийчохь кеманаш дIасалела дуьйладелча пассажираш декхаре хир бу салон чохь масканаш а, каранаш а лело аьлла, дIахьедина Роспотребнадзоран куьйгалхочо Попова Аннас "Россия24" телеканалан эфирехь.
Оьрсийчохь пандеми йирзинчул тIаьхьа керла низамаш юкъадохур ду нах вовшахбетталучу меттигашкахь, ресторанашкахь а, кафешкахь а аьлла, хьалхо дIахьединера Роспотребнадзоран хьаькамо.
Зазадоккху-бутт бовш коронавирусан эпидеми бахьана долуш Оьрсийчохь совцийна ду кеманийн гIовттар. Дуьненаюкъарчу аэропортийн ассоциацин зерашца, дахначу шарца дуьстича, пачхьалкхашчухула пассажирийн дIасалелар карарчу заманчохь 95 процентна лахделла.