ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбурган кхеле ваьлла набахтехь даккха 18 шо хан тоьхна Тумгоев Тимур


Къилбаседа Кавказан тIеман кхело набахтехь даккха 18 шо кхайкхийначу гIалгIачо Тумгоев Тимура латкъамбина Европерчу адамийн бакъонийн кхеле, шена харц кхел а йина, Iазапехь а валлийна ша аьлла.
Тумгоевн адвокато Бирюкова Жаннас бина цунах лаьцна хаам "Кавказ.Реалии" портале оршотдийнахь.

Динчу арз тIехь охьаяздина ду Тумгоев оьрсийн талламан изоляторшкахь латточу заманчохь цунна тIехь ницкъбарх - еттар, ток еттийтар, бахьана а доцуш динах лаьцна литература цуьнгара дIаяккхар.

Ишта дIахаийтина, Тумгоевн гIуллакх луьстучу хенахь суьдхой объективе цахиларан тоьшаллаш а. Дийцарехь, тIечIагIдина ца хилла, Тумгоев Шемахь хилар а, террорхойн организацехь цо дакъалаьцна хилар а.

Маршо Радионо яздира, Украинан къайлахчу сервисаша 2018-чу шеран гурахь Тумгоев Тимур Оьрсийчоьне дIаваларх. Стохка аьхка Къилбаседа-Кавказан гонашкарчу тIеман кхело луьрачу хьелашкахь набахтехь даккха 18 шо хан кхайкхийра цунна.

Оьрсийчоьнан ФСБ-но бехкевина Тумгоев Шемарчу тIамехь хилла ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG