ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу дийнахь-бусий Оьрсийчохь коронавирусца 72 стаг велла


"Коммерсантан" хаамашца, коронавирусан инфекцех тIаьххьарчу дийнахь-бусий велла Оьрсийчохь 72 пациент. Де хьалха 50 валарх хаам бинера. Ишта COVID-19 вирус кхетта кхин а 6411 вахархо билгалваьлла. Верриг а коронавирусца ву Оьрсийчохь - 93 558. Цхьана дийнахь дарбахилла 1110 стагана.

ГIажарийчоьнал а хьалха а йолуш, 8-гIа могIа дIалаьцна Оьрсийчоьно ун даьлларш алсамбовларца.

"Коммерсант" гIирсан информацица, карантин яхйийр йолуш ю Стигалкъекъа-беттан деза денош чекхдовллалц. Тахана, шинаран дийнахь, губернаторшца хин йолчу кхеташонехь пачхьалкхан президенто Путин Владимира хаам бийр болуш бу цунах лаьцна.

Нагахь санна, бахархоша изоляцин низамаш лардеш хилахь, карантинан раж юхаяккха тарло карабогIучу беттан 12-гIа де тIехдаьлча, аьллера Роспотребнадзоран куьйгалхочо Попова Аннас а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG