ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхошна доьхкуш ду маьттаза багалеяр а, интернетехь шайн хьаькамашна лер а


Полицин белхахошна лерина этикан кодекс а, белхан декхаршца леларан кепаш а кечйина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Нормативан бакъонийн актийн проектийн порталехь зорбане даьккхина документ. Карарчу хенахь юкъараллехь дийца диллина ду иза.

Полисхочо ша гIиллакхе, дика гайта веза, хьоьху кодексо, бахархойн шегахьа ларам гIаттон а, уьш "шена гIодан кийча хилийтархьама" а.
Полицин белхахочунна хаа деза говза, стаг кхета а веш, нийса шен ойла йовзийта а, бага ца лееш, ларвала а.

Зен хиллачуьнца доглазаме, озабезамаш а боцуш, низам дохийначуьнца гIиллакхе хилар тIедожийна полисхошна.

Цул совнах, оьрсийн полицин белхахой декхаре бу шайн белхан кабинет кечъечу заманчохь мадаре хила, механа еза хIуманаш ца хIиттош.

Белхан хенахь азарте ловзарх а, корта бахочу маларх а ларвала веза полисхо аьлла ду этикан кодексехь билгалдаьккхина.

Ишта ницкъаллийн структурийн белхахошна доьхку политикех лаьцна комментареш ян а, интернетехь Iедалх лаьцна дийцарш дан а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахойн бакъо хир яц социалан машанашкахь полисхочун хотIана дискредитаци еш, я цуьнан авторитет а, репутаци а аьшнашъеш материалаш зорбане яха а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG