ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIасалела – еккъа цхьа керт


Муха болх беш ю къанойн хIусамаш Къилбаседа Кавказехь пандемин хьелашкахь

Волкова Алиса, "Кавказ.Реалии"


Къаной хенера бохучу Къилбаседа Кавказерчу Iедалан хIусамашкахь, интернаташкахь шогга ларйо дIасавала доьхкуш йолу карантин: кертал ара ког баккха йиш яц. Хьаькамаш кхета баккхий нах буйла уьно уггаре хьалха эхарта кхачораш.

Эскарехь санна ду хьал, къанойн хIусамашкахь коронавирус цаяржийта кхайкхийначу омранаша доьхку нахана дегI меттах хьадеш буьйлабала а, туькана баха а.

Хаьа Къилбаседа Кавказна, дуьненна а санна, мел кхераме ю къаношна COVID-19. Къанойн хIусамашна мел зенаш хуьлу иза керта кхаьчча хиина Одессехь, Воронежехь, Вязьмехь, Нур-Султанехь, кхечу гIаланашкахь.

"Уггаре хьалха баларна кхерам бу, ун кхетча, къанойн хIусамашкарчу нахана а, хьалха дуьйна хала цамгарш ловш схьабогIучарна а", - аьлла Британерчу гоьваьллачу Iилманчас Фергюсон Нила.

Испанехь, масала, цхьа а бала боцуш, тесна битина хилла къанойн хIусамашкара пекъарш: тIехьожу персонал едда.

Амма кхечу кепара ю кавказхойн къаношца йолу юкъаметтигаш. Къилбаседа Кавказерчу къанойн интернаташка ун ца кхачийта дерриг а дина шаьш, боху регионийн хьаькамаша. Бакъ а долуш, оцу хIусамашкахь коронавирус ю, аьлла, официалехь бац цкъачунна баржийна цхьа а хаам.

"Оьшуш мел дерг социалан белхахоша чудохьу. Цара йо дезинфекци а. Бакъду, сагIа чу а дуьллий, къевлина баттарчий йохьу, оха уьш схьа а ца оьцу – царна дезинфекци ян санитайзерш а тоьур яц", - элира "Кавказ.Реалиига" Кхарачой-Чергазийчуьрчу къанойн а, заьIапхойн а интернатан директоран гIовса Нагубный Сергейс.

Амма кхечу къанойн хIусамийн куьйгалхоша, шайгахь дезинфекци ен кочаллаш йолуш ю тоъал, элира.

"Тхуна доккха гIо дина кхачанца а, масканашца а могашилллин министраллой, БуьритIерачу Юкъараллин кхеташоной, совдегарший, тхуна масканаш а тегна", - тешийра "Кавказ.Реалии" хIирийн къанойн интернатан директора Качмазова Фатимас.

Къилбаседа Кавказерчу кхечу интернаташкахь а ду изза хьал: бакъо яц чу-ара лела.

"Кевнехь, неIарехь лаьттачу хано дика болхбо нах дехьа-сехьа лелар тергалдеш, оха стагга а ца вуьту чу, ара а ца волуьйту. Къаношна дIасабуьйлабала цхьа гIеххьа беш ю тхан", - элира Нальчикерчу къанойн интернатан директора Бифов Беслана.

Къилбаседа ХIирийчуьрчу интернате лоьраш бен ца буьту. Рацешкахула латтайо белхахоша вовшашца зIе а. 120 къано кхобучу оцу хIусаман куьгалхочо Качмазова Фатимас бахарехь, интернатан кертахь масканашца, халаташца, хуьйцуш юхучу мачашца бен бакъо яц лела.

Цул совнах, Качмазовас дихкина шен белхахошна ловзаршка лела а, тезета баха а, адам алссам вовшахкхетачохь хила а.

48 къано вехачу Нальчикерчу интернато цIахь совцийна шен хан кхетта болу а, шина меттехь къахьоьгуш болу а белхалой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG