ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхин а цхьаъ велла COVID-19 вирусах. Ун даьлла ву 465 стаг


COVID-19 диагноз хIоттийна хилла кхин а цхьа пациент велла Нохчийчохь. Верриг а уьнах велларг ворхI ву хIинца, хаамбо REGNUM агенталло.

Шинарин сарахь тIаьххьара бечу хаамехь дина цу кепара дIахьедар могушаллла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана. Эпидеми яьржичхьана 79 стагана дарба хилла. Чолхечу хьолехь хиларца дарбан хIусамехь ИВЛ аппаратана тIетесна ву 11 вахархо. Кхин а 185 пациент ву кислородан гIоьнца латтош.

Нохчийчохь COVID-19 вирус кхетта верриг а 447 вара, тIаьххьарчу буса царна тIекхетта кхин а 18 стаг. Эпидемиологин ситуаци телхинчу пачхьалкхашкара цIавеана 2280 стаг ву лоьрийн тергонехь латтош.


Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG