ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу онкодиспансеран цхьа дакъа дIакъевлина COVID-19 хааелла


Нохчийчуьра онкологин диспансеран химиотерапин дакъа изоляцина дIакъевлина, церан пациентаца коронавирусан ун гучудаьллачул тIаьхьа, хаам бина шинарин дийнахь "Новости" агенталле диспансеран пресс-гIуллакххоша.

"Дийнахь-бусий еш хилла химиотерапи цхьана ханна юкъахъяьккхина, процедураш еш хилла дакъа дIакъевлина, коронавирус шеца йолу пациент кхузахь хиллачул тIаьхьа. Боллу лоьраш а, цомгаш болу нах а изоляцехь бу",- аьлла онкологин диспансеран зорбанчаша.

Ун даьлла зуда инфекцийн дарбан цIийне хьажийна, ткъа цIе ца йоккху лазар токхуш хиллачу нахана дийнахь стационарехь дарбалелор ду.

"ХIора пациентца цунна химиотерапин курс дIаяхьарх телефонехула дийцаредийр долуш ду лоьро. Нагахь санна, процедура дIататта йиш яцахь, дийнахь стационарехь йийр ю оха курс", -аьлла ду пресс-гIуллакххойн хаамехь.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG