ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Amnesty International: эпидемин хьелашкахь Оьрсийчохь хьоьшуш ю адамийн бакъонаш


Малхбалерчу Европан а, Юккъерчу Азин а пачхьалкхийн а, Оьрсийчоьнан а Iедалхоша COVID-19 пандеми бахьана долуш репрессеш лелош, адамийн бакъонаш хьоьшуш ю. Цу кепара дIахьедар дина кхаарин дийнахь арахецначу шен «Восточная Европа и Центральная Азия сталкиваются с COVID-19: Ответы и обязанности» цIе йолчу рапортехь бакъонашларъяран Amnesty International организацино, хаам бина "Голос Америки" зорбан гIирсан оьрсийн сервисо.

"Регионехь коронавирусан хьоле хьаьжжина, дукхахболчу Iедалхошна, хетарехь, интересе ду - хьежамаш шайца ца богIучу нахана таIзар дар, церан могушалла Iалашъечу метта", -аьлла Юккъерчу Азехь волчу Amnesty International организацин талламчас Макгилл Хизера.

"Петарийн неIарш дIа а къуьйлуш, шайн гурашка бахархой тIеийзочу Казахстанан Iедалхошна тIера, масканаш яцара бетах бохуш, урамашкахь нахана тIелетачу нохчийн полицина тIекхаччалц, схьагарехь, царна пандеми адамийн бакъонаш охьатаIо бахьана санна хета. Вирус ца яржийта лелош болу муьлхха а шога барамаш цхьана ханна, цхьанабогIуш, адамийн бакъонийн кепашкахь хила безаш бу", - аьлла, дIахьедина Amnesty International организацино.

Малхбалерчу Европан а, Юккъерчу Азин а дукхайолчу пачхьалкхийн Iедалхоша шен-шен рожехь лелош ю репрессеш, шайна еш йолу критика лакъорхьама.

Оьрсийчохь дуккхаъ адамийн бакъонаш ца ларйина меттигаш хаабелла организацина. Масала, Зазадоккху-бутт бовш масканаш йоцуш арабевллачу бахархошна Нохчийчохь полисхоша тIе куьйгаш кхоьхьуш, дIаязйина видео кхаьчна бакъонашларъярхойн кара.

Ишта оьрсийн журналисташ а ца бевлла тIеIаткъамах. Нохчийчуьрчу Iедалхоша лелочу политикана критика еш "Новая газетано" зорбане яьккхина артикл, Кадыров Рамзана авторна кхерамаш тийсинчул тIаьхьа, Iедалхоша дIаяккхийтира сайтера, боху бакъонашларъярхоша.

"ХIокху халачу, чолхечу заманчохь Малхбален Европан а, Юккъерчу Азин а пачхьалкхашкарчу бахархошна тоьлларг кхачо догIура", - боху Макгилл Хизера.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG