ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карантинан раж ларъяр дехна Нурмагомедовс


Дагестанан латархочо, UFC-н чемпионо Нурмагомедов Хьабиба дIахьедина, коронавирусан пандеми бахьана долуш хIоьттинчу хьолаца бегаш бан мегар дац аьлла. Цо кхайкхам бина махкахошка изоляцин раж ларъе аьлла.

Спортхочунна хетарехь, яьккхина паника хиларна а, лоьраша дечу хьехарийн адамаша ледарло ярна а "цамгар маса яьржина".

Цомгаш нах цIеххьашха алсамбовларна а, дарбан хIусамаш юьзна хиларна а лоьраш а, молханаш а тоаме дац боху Нурмагомедовс.

Дагестанехь, тIаьххьарчу хаамашца, 1147 стаг ву коронавирусан ун даьлла, 11 пациент велла.

Доллу дуьненахь кхелхина 218 010 стаг. 3 миллион сов ву массо а пачхьалкхашкахь COVID-19 ун даьлла. Дарба хилла 956 064 эзар стагана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG