ГIалгIайчохь коронавирусан уьнах цIанвелла 102 стаг. Республикехь эпидеми яьржичхьана бинчу талламашца, 633 вахархочуьнца хааеллера COVID-19 вирус. 19 пациент велла.
Дарбан хIусамашкахь охьавиллина ву 448 стаг, царлахь цамгар тIечIагIйина 288-нна. Чолхечу хьолехь ву 60 пациент, 13 ИВЛ аппаратна тIетесна ву, яздо РБК агенталло.