Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа хаам бина, шайн пачхьалкхехь 1 миллионал сов ву коронавирусан ун даьлларг аьлла. COVID-19 вирусах белла нах Въетнаман тIамехь байинчарал а алсам бу - 58 эзар сов пациент. Къаьсттина дукха нах белла Нью-Йорк штатехь.
Таханалерчу дийнахь дарба хилла 142 эзар вахархочунна.
Шайн пачхьалкхехь ун даьлла нах тIехсов хиларан бахьана ду, боху Iамеркан президенто Трамп Доналда, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь "тесташ яр кхечу пачхьалкхашкахьчул а дика хиларна".
Кхаарин Iуьйранна Iорадаьхначу терахьашца, доллу дуьненчохь коронавирусан ун даьлла 3 миллион 150 эзар стаг. Беллачийн терахь ду 218 эзар.