ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь 8 пациент велла COVID-19 вирусах. Ун даьлла кхин а 425-нна


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 8 стаг, вирус кхетта кхин а 425 вахархочух. Оперативан штабан зерашца, Ставрополан кIоштахь велла 4 пациент, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, Краснодаран кIоштахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а цхьацца кхелхина.

Верриг а коронавирусан инфекцех Къилбаседа Кавказехь велла 77 стаг.
Яхначу буса Къилба ХIирийчохь вирусца 121 пациент тIекхетта

Къилба-ХIирийчоь+121 (эпидеми иккхичхьана верриг а 763)
Дагестан +84 (1231)
Краснодаран кIошт+63 (951)
ГIалгIайчоь +46 (679)
ГIебарта-Балкхаройчоь+45 (412)
Нохчийчоь +18 (465)
Кхарачойн Чергазийчоь+16 (330)
Адыгея +4 (154)

COVID-19 вирус кхетта верриг а Къилбаседа Кавказехь 5411 стаг ву. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь 99 399 стагаца гучуяьлла инфекци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG