Коронавирусан инфекцица къийсам латточу ГIалгIайчуьрчу лоьрашна орца кхаьчна Москвара. Методикан гIоьнна Оьрсийчоьнан коьртачу шахьарера кхо говзанча веана ГIалгIайчу аьлла, хаам бина "Кавказ.Реалии" портале республикан могушаллин министраллан зорбанчаша.
"Дарбан хIусамашкара гIирс толлуш, цомгашчийн диагностика а, дарбадар а муха ду хьовсуш, толлуш ду цара", - аьлла кхетийна урхаллехь.
Инфекцийн лоьрашна а, пульмонологашна а лерина мастер-классаш дIахьур ю Москварчу говзанчаша. Мехкан куьйгалхочун Калиматов Махьмуд-Iелин дехарца бахкина бу лоьраш ГIалгIайчу.
Эпидеми яьржичхьана 679 стагана коронавирусан ун даьлла республикехь. COVID-19 вирусах велла 20 пациент. ГIоле хилла 105 вахархочунна.