ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусан ун даьлла ву Нохчийчохь 465 вахархо


Коронавирусан ун даьлла ву Нохчийчохь 465 вахархо аьлла, хаам бина кхаарин суьйранна мехкан могушаллин министро Сулейманов Эльхана, яздо Грозный-информ хьостано. Охан-беттан 29-чохь еллачу информацица, лоьраша шайн тергонехь латтош ву 2290 пациент, вирус хиларца шеконаш йолуш. Уьш бу эпидемиологин хьал доьхначу мехкашкара цIабирзина нах.

Дарба хилла эпидеми яьржичхьана 107 стагана. Велла 7.

Республикехь карантинан раж чIагIъярх дIахаийтина мехкан куьйгалхочо кхаарин суьйранна шен телеграм-каналехь. Урхалхо реза вац юкъадаьхна изоляцин низамаш махкахоша лар ца дарна, дукха хьолахь, бераш ураме дуьлуьйтуш.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG