ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьалха-Мартан кIоштан префектана коронавирусан ун даьлла


Хьалха-Мартан кIоштан префектана Абдурешидов Валидана коронавирусан ун даьлла. Иза республикерчу клиникан дарбан хIусамехь охьавиллина ву аьлла, хаам бина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, кхаарин дийнахь ша лазартнехь хиллачул тIаьхьа.

Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь шен са ца кхоош, террорхошца къийсам латтийнера Валида, шена зен а ца хуьлуш, ткъа хIинца адамаш инфекцех кIелхьарадохучу хенахь ша ца ларвелла аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс ВКонтактерчу шена пена тIехь.

Эпендиевн цIарахчу клиникан лазартнехь хиллачул тIаьхьа мехкан урхалхочо ишта дIахьедина, нохчийн лоьраш бу дуьненчохь а тоьлларш, цаьрга вирус эшалур а ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG