Нохчийн меттан нийсаяздар, орфографи цхьана бакъонашка ерзош, документана тIе куьгъяздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.
Нохчийн мотт ларбан а, кхио а Iалашонца тIеэцна ду иза. Цунна тIехь къахьегна мехкан куьйгалхочун цIарх кхоьллинчу экспертийн кхеташоно.
Нохчийн мотт ларбар а, иза кхиийтар а Iалашонца экспертийн кхеташо кхоьллинера республикехь маситта шо хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Говзанчаша дийцарехь, нохчийн мотт кхиоран коьрта хало яра йоза деш лело билгалбаьхна барамаш а, бакъонаш а цахилар.
Мехкан урхалхочо куьйгъяздина документ деша таро ю дешаран а, Iилманан а министраллан сайта тIехь.