ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Левада-Центр": Оьрсийчоьнан бахархой реза бац Iедалхоша вирусана дуьхьал латточу къийсамна


Президенто а, министрийн кабинето а, коронавирусан эпидемица къийсам латтош, пайда оьцу кепаш ца тов 48 процент Оьрсийчуьрчу бахархошна. 30% респонденташна барамаш тоаме бац аьлла хета, ткъа 18 проценто тIех сов лору. Цуьнан тоьшаллаш далийна "Левада-Центро" бинчу, "Открытые медиа" хьостано зорбане баьккхинчу хаттамо.

Охан-баттахь динчу зераша гайтарца, яккхийчу гIаланашкахь федералан Iедалхоша коронавирусца бечу къийсамна резабоцучийн терахь кхин а лакхара ду - 61%.

Президентан а, Iедалхойн а антивирусан кепаш нийса ю аьлла 46 процент бахархоша. Мэрийн а, губернаторийн а леларна а реза бу 50 % респонденташ. Адеквате дац церан некъаш аьлла 30 проценто. ТIех сов бу боху цара лело барамаш 15 процент хаттамехь дакъалаьцначара.

Москварчу а, кхечу яккхийчу шахьарашкахь а меттигерчу Iедалхошка тешам лахара бу, ярташкахьчул а.

"Левада-Центран" директорна Гудков Левна хетарехь, федералан а, регионалан а Iедалхошна юкъахь башхалла го президенто а, министрийн кабинето а "виртуалехь" дийцарш деш хиларна.

"Бахархошка чохь совца бохуш, дехарш до президенто, жоьпалла тIе а ца лоцуш, пайде хIума а ца олуш, губернаторшна а, администрацина а тIетоьтту цо дерриг а. Ткъа губернаторша дийриг а, бохург а бух болуш хета нахана", - аьлла Гудковс.

Кремлна халкъ резацахилар гойту ВЦИОМ-ан зераша а. Цуьнан статисташа тIаьххьара динчу жамIашца, Путин Владимире тешам лахарчу тIегIанехь бу бахархойн - 28,3 %.

ТIаьххьарчу заманчохь Оьрсийчоьнан бахархойн тешам болчу политикашлахь ву премьер-министр Мишустин Михаил а, Москван мэр Собянин Сергей а.

"Открытые медиа" хьостан дехарца, "Левада-Центро" теллина, балхахь боцчу деноша мел тIеIаткъамбина бахархошна. Билгалдаьлла, 44 проценто хьалхалерачу рожехь болхбеш хиллийла, ткъа график йоьхна шайн аьлла 56 проценто.

21% бахархой цIахь, я юкъ-кара балха тIера къахьоьгуш схьабогIу. 15 % балхара мукъабаьхна ханна, я белхан алапан цхьана декъах бевлла. Алапа хийцам боцуш хьалха санна оьцурш 8 процент бен бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG