ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус гучуяьлчхьана 1 миллиард 93 миллион сом ахча делла Нохчийчоьнна


Нохчийчохь коронавирус яьржичхьана антикризисан гурашкахь бахархошна а, экономикана а гIоьнна аьлла, 1 миллиард 93 миллион сом хьажийна хилла, яздо REGNUM агенталло. Оцу ахчанах гIо дина ша махкарчу 600 эзар доьзална аьлла, дIахьедина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо бахарехь, кхачанан сурсатех дуьзна тIоьрмигаш дIасадекъна Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо 550 631 хIусамашка. Кхин а 23 эзар доьзална ахчанашца гIо лаьцна.

Дийцарехь, тахана кхин цхьаъ а гIоьналлин акци ю кхайкхийна, 30 эзар доьзал юкъа а озош.

Ишта йоьдучу оперативан штабан кхеташонехь карарчу баттана лоьрашна хенал а хьалха алапаш дIадалар тIедиллира мехкан урхалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG