ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан премьер-министрах COVID-19 инфекци кхетта


Оьрсийчоьнан премьер-министрна Мишустин Михаилна коронавирусан ун даьлла. Цуьнан декхарш ханна кхочушдийр ду вице-премьеро Белоусов Андрейс. "Россия 24" каналан эфирехь бина и хаам еарин дийнахь Мишустина. Ша изоляцехь ву, амма министрийн кабинетаца зIенехь хир ву ша аьлла цо.

Мишустина кхайкхам бина бахархошка карантинан низамаш лардар доьхуш.

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Оьрсийчохь 7 эзар сов стаг билгалваьлла коронавирусан ун шеца долуш. 101 пациент кхелхина. Эпидеми иккхичхьана вирус хьакхаелла 106 498 вахархочух.

Велла 1073 пациент. Дарба хилла ву 11 619 стаг. Цомгаш нах дукха хиларца лидершлахь ю Москва. ТIаьххьарчу дийнахь-бусий 3093 вахархо къаьстина цигахь коронавирусан инфекцица.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG