ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусца къийсам: "машенаш дIаяха", "нораш хьекхийта"


Оперативан штабаца хиллачу рогIерчу кхеташонехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана карантинан барамаш кхин тIе а чIагIбе аьлла, дIахьедина. Цо бахарехь, махкахь инфекцица болу нах совбовларца а, бахархоша изоляцин низамаш лардеш ца хиларца а доьзна ду иза.

"ДIасалеларна дозанаш деттар - чIагIде боху ас. Арабовла бахьана а доцуш хехкалучаьргара машенаш схьаяха, дIахIиттабе уьш урамашка нораш хьекха, дарбан хIусамаш цIанъян. Цхьана кIиранах уьш чохь совцалуш бацара аьлла, нах балийта йиш яц", - аьлла цо ницкъаллийн структурийн белхахошка.

Еарин дийнахь дуьйна полисхоша балхаца еш само ю урамашкахь а, некъаш тIехь а. ХIора машенлелорхочуьнгахь дIасаваха бакъо юй хьовсу, белхан кехаташ хоьтту. Полисхойн рейдаш йоьлхучу заманчохь арахь нисбелла нах дIабуьгу.

Еарин дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хастийнера Кадыров а, меттигера бахархой а коронавирусана дуьхьал кхачам боллуш болх бо аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG