ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 вирусах 3 пациент велла Къилбаседа Кавказехь. Ун даьлла 549 вахархочунна


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу буса а, дийнахь а коронавирусах велла 3 пациент, цомгаш тIекхетта кхин а 549 стаг.

Оперативан штабан информацица, ГIалгIайчохь велла 2, Къилба ХIирийчохь - 1. Эпидеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 86 вахархо.

Къаьсттина дукха бу инфекци яьлларш яхначу цхьана буса Дагестанехь – 164 ву:

* Дагестан +164 (эпидеми яьржичхьана 1553)

* Ставрополан кIошт +89 (651)

* Къилба ХIирийчоь +73 (836)

* Краснодаран кIошт +66 (1083)

* ГIалгIайчоь +47 (769)

* Кхарачойн Чергазийчоь +46 (398)

* ГIебарта Балкхаройчоь +43 (499)

* Нохчийчоь +19 (504)

*Адыгея +2 (165)

COVID-19 вирус яьлла верриг а ву Къилбаседа Кавказехь 6458 вахархо. Йоллу Оьрсийчохь, оперативан штабан зерашца, 114 431 стагаца къаьстина коронавирус.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG