ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанхошна 1,5 миллиард соьмана гIо дина олигархо Керимовс


Керимов Сулейман
Керимов Сулейман

Дезинфекци ен керла гIирс баийтина Дагестане олигархо, Федерацин Кхеташонан декъашхочо Керимов Сулеймана. Ишта, лоьрашна мел оьшучу гIирсан йоккха парти йохьуш кхин тIе а кема кхочур долуш ду тIедогIучу кIирандийнахь ХIинжа-гIала. Дерриг а сенаторо шен даймахкахь пандемица къийсам латто хьажийна 1,5 миллиард сом.

Дагестанерчу могушапллин министралло хIоттийначу тептарца дIасакхачор ду гIо аьлла, дийцина Дербентан мэран пресс-секретаро Гамзатова Камилас.

Оцу юкъана, коронавирусан инфекци яьллачу нахаца болх бан лоьрашна барзакъ а, бахилаш а, респираторш а, кхинболу медицинан гIирс а хIинцале схьакхаьчна Дагестане.

Ишта Дагестанерчу блогерша а, гIоьналлин фондаша а, юкъараллан организацеша а ахчанаш гулдина коронавирусца къийсам латтон оьшучу гIирсана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG