ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 504 стагана COVID-19 ун даьлла, 45 товелла


Нохчийчохь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусах дарба хилла 45 пациентана аьлла, хааам бина могушаллин министро Сулейманов Эльхана, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. ПIераскан суьйранна динчу дIахьедарца, Нохчийчохь COVID-19 вирусах хьалхаваьлла 276 вахархо. Верриг а ун даьлла ву 504 стаг.

Цул совнах, лоьраша зуьйш ву, эпидемиологин хьал телхинчу мехкашкара цIа веана 2452 нохчийн вахархо. Эпидеми яьржичхьана 7 стаг велла Нохчийчохь вирусах.

Коронавирусан инфекци яржарца доьзна Нохчийчохь лелачуьра сацийна юкъара транспорт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG