ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карарчу беттан 11-чу дийне кхаччалц Нохчийчохь транспорт лелар яц


Соьлжа-гIала: карантин
Соьлжа-гIала: карантин

Коронавирусан пандеми бахьана долуш карантинан раж яхъярна, юкъара транспорт болх беш хир яц Нохчийчохь. Рреспубликерчу транспортан а, зIенийн а министралло бина и хаам, яздо "Новая газетано".

"Карарчу беттан дезачу деношкахь, 11-чу дийне кхаччалц, юкъара транспорт махкахь лелар яц. Массаьрга а дехар ду изоляцин раж лайъяр а, чохь сацар а", - аьлла ду хаамехь.

Оьрсийчохь шен дозанаш дIакъевлинчех хьалхара регион ю Нохчийчоь. Охан-беттан 5-чу дийнахь дуьйна кхачанан сурсаташ а, медицинан гIирс а кхоьхьучарна а, транзитан транспортна а бен некъаш ца дитина Нохчийчохь.

Ишта дозанаш тоьхна бахархойн дIасалеларна а. Я туькана, я аптеке бен баха йиш яц церан.

ТIаьххьарчу хаамашца, республикехь коронавирусан инфекцица ву 504 стаг, дарба хилла 231 пациентана, велла 7.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG