Охан-беттан 1-чу дийнахь лерринчу рейсаца Нью-Йоркан Кеннеди цIарахчу аэропорте кхачийна хиллачу медицинан аппаратех а, дегI Iалашдаран барзакъех а, дезинфекцин гIирсех а 660 эзар гергга долларшкахь чот кховдийна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штататшна Оьрсийчоьно. ABC телекомпанино дийцина цунах, Федералан къаьсттина ситуацешкахула йолчу урхаллан (FEMA) хаамна тIе а тевжаш.
FEMA-с гайтинчу тептарца, Нью-Йорке кхачийна хилла ИВЛ (пехашка садоIуьйту гIирс) 45 аппарат а, газах ларден 4 эзар М-95 туьтмIаьжиг а (противогаз), 15 эзар респиратор а, куьйгашна дезинфекци ен кочалла а, хирургин каранаш а, медикийн духарш а. 569 эзар 283 долларшкахь мах тIебожийна Оьрсийчоьно.
АВС-н хьосташа дийцарехь, оцу гIирсан доккхахдолу дакъа цхьацца бахьанашца пайден бацара. Масала, ИВЛ аппараташ 220 вольт хиларна, оцу сохьта лело мегаш ца хилла. Химин а, биологин а тIелатарех ларвен М-95 "противогазаша" йоллу юьхь дIахьулъеш хилла, цундела дарбан хIусамашкахь цомгашчу нахаца лело аьтто ца хилла.
Iамеркан администрацин векалша дIахьедина, боллу мохь Нью-Йоркан а, Нью-Джерсин Iедалхошка дIабелла шаьш аьлла. Iамеркахойн дарбан хIусамашкахь пайдаийцирий аш оьрсийн гIирсах аьлла, ABC телеканалан хеттаршна жоьпаш ца делла шина штатан Iедалхоша.
Юьхьанца гуманитаран акци санна бохьуьйтуш бара Оьрсийчоьно медицинан гIирс, президентаца Путинца телефонехула Трампа динчу дехарца. Оцу дIахьедарна тIаьххье Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто хаам бира, Iамерко Оьрсийчоьнера и боллу гIирс эцна бу аьлла.
ГIо дарна Оьрсийчоьнна баркалла аьллачу президентана Трамп Доналдна критика йира Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь. Цуьнан оппоненташа дIахьедира, пропагандан акци дIахьош Кремлан аьтто бина цо аьлла.