ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Собянин: Москвахь 2% бахархой бу коронавирусан ун даьлла


Коронавирусан ун даьлла 2 процент бахархой бу Москвахь. Шотдийнахь шахьаран мэро Собянин Сергейс далийна и зераш. Цо бахарехь, кеп-кепарчу тобанаша бинчу талламаша гайтина цу тайпа жамIаш.

"Пандеми яьржинчу дуьненчуьрчу гIаланашца дуьстича, хIара терахь лахара ду. Вайн аьтто хилла инфекци ца яржийта, Москван бахархоша карантинан низамаш лардарна", - яздина Собянина шен блогехь.

Иштта цо билгалдаьккхина, Москвахь Охан-беттан 30-чохь дуьйна вирус толлуш тесташ яр шозза совдаьлла хилар а.

Официалан терахьашца, Москвахь вехаш ву 12 миллион 700 эзар стаг.
ТIаьххьарчу Оьрсийчуьрчу могушаллин министраллан хаамашца, пачхьалкхехь 114 431 пациент ву коронавирусца. Велла 1169 вахархо.

Ткъа Москвахь цомгуш ву 57 300 стаг, велла 695 вахархо. Кхечу регионашка хьаьжча, тIехлакхара ду и терахь.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG