ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ: коронавирусах велла 4 пациент. Ун даьлла 426 вахархочунна


ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 4 пациент, цомгуш хилла 426 вахархо. Оперативан штабан информацица, Адыгейхь велла 2, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а цхьацца кхелхина. Эпидеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекцех велла верриг а 90 стаг.

Баларш дукха хиларца билгалъяьлла ГIалгIайчоь. Цигахь вирус иккхичхьана велла 23 пациент.

Къасттина дукха нах бу COVID-19 вирус яьлла Дагестанехь - 109:

Дагестанехь - 109 (эпидеми яьржичхаьна 1662)
Къилба ХIирийчохь+85 (921)
Краснодаран кIоштахь +79 (1162)
ГIалгIайчохь+45 (814)
ГIебарта-Балкхаройчохь+45 (544)
Ставрополан кIоштахь +25 (676)
Нохчийчохь +21 (525)
Кхарачойн-Чергазийчохь+14 (412)
Адыгейхь +3 (168)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун даьлла 6884 вахархочунна. Ткъа йоллу Оьрсийчохь, оперативан штабан зерашца, 124 054 стагаца хааелла инфекци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG