ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасу-Юьрта доьлху некъаш дихкина массо а агIор


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанерчу Хасу-Юьрта боьлху а, чуьра арадовлу а некъаш дихкина Стигалкъекъа-беттан 3-чу дийнахь 20.00 сахьт даьлча, хаам бина гIалин мэрин пресс-векалто.

ГIали чохь транспорт лелар а сацийна. Лерринчу хьаштийн машенашна бен ца магадо новкъахь хила. Сацамбинарг ю коронавирусна дуьхьалоен гIалин штаб.

"Адам цIахь соцу хьал кхайкхадаре терра, кху беттан дезденошкахь массо а хьукматаш къевлина хирг хиларе терра, иштта сацам бина оперативан штабо", - билгалдаьккхира Хасу-Юьртан администрацин пресс-векалтан белхахочо.

Стигалкъекъа-беттан 12-гIа де тIекхаччалц лаьттар бу бехкамаш. ГIуда кхайкхийна оцу сацамо юкъадаьккхина хьал талхийначарна.

Дагестанехь Охан-беттан 1-чу дийнахь кхайкхийра ун даржарца йоьзна карантин.

Коронавирус яржарна дуьхьалоечу мехкан штабо бечу хаамца, Стигалкъекъа-беттан 3-чу денна верриг а шайца COVID-19 хааелларг ву Дагестанехь 1798 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG