ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь бан безачул 7-зза дукха талламаш бо коронавирус лохуш БуритIерачу клинико


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа ХIирийчоьнан клиникан дарбан хIусамехь 200 сов компьютеран томографи йо дийнахь. Ишта хаам бина "Кавказ.Реалиига" оцу хIусаман администрацерчу хьасто.

"Доккхачу декъанна томографица билгалйоккху коронавирус. Амма адамах иза хьакхаелла йоццушехь, томографино гойтуш меттигаш а йогIу. Денна лоьраша а, аппаратурано а бен болх доза доцуш дукха бу. Хьалха 30 томографи ян бен ца магадора гIирсаца цхьана дийнахь, белхан низамца а догIуш, лоьрашна тIехь а бацара кхин сов болх", - элира республикан клиникин векало.

Стигалкъекъа-беттан 3-чу денна ХIирийчохь коронавирус хьакхаелла ву 990 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG