ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра коронавирусана духьалоен гIирс хьажийна ГIебарта-Балкхаройчу


ГIебарта-Балкхаройчоь
ГIебарта-Балкхаройчоь

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу дарбанийн хIусамашка коронавирусна дуьхьал къийсам латтон медицинан гIирс кхачийна Нохчийчоьно.

"ХIуо кечден 20 аппарат а, цаьрца лелош йолу масканаш а дIаелла ГIебарта-Балкхаройчуьрчу дарбан хIусамашка", - хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Нохчийчоь кийча ю луларчу кхечу регонашна гIодан а, аьлла цо.

634 стаг билгалваьлла ГIебарта-Балкхаройчохь коронавирус йолуш, кхелхина уьнах ши вахархо, товелла 101.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG