ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь виъ вахархо велла коронавирусах, ткъа кхин а 598 стагаца гучудаьлла и ун дийнахь-буса


Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла виъ стаг. Карийна ун кхин а 598 стагехь.

Коронавирусана духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, кхелхинчех шиъ Ставропол-махкара ву, цхьацца ву ГIалгIайчуьра а, Краснодар-махкара а.

101 стаг кхелхина Къилбаседа Кавказехь ун даьжичхьана схьа.

Дийнахь-буса уггаре дукха нахаца карийна COVID-19 Дагестанехь – 160.

Штабо коронавирус яржарца тIаьххьарчу дийнахь довзуьйту хьал ишта ду:

  • Дагестан +160 (1958 верриг)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +105 (739 верриг)
  • Краснодар-мохк +96 (1340 верриг)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +79 (1069 верриг)
  • Ставропол-мохк +57 (788 верриг)
  • ГIалгIайчоь +53 (918 верриг)
  • Нохчийчоь +30 (583 верриг)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +11 (441 верриг)
  • Адыгей +7 (185 верриг)

Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хиларца билгалдаьккхина терахь ду 8021. Оперативан штабан хаамца, ерриг а Оьрсийчохь 145 268 стагоца карийна коронавирус.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG