ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIо доьхучех «эрна юурш» аьлла «Ахмат» клубан тренеро


Нохчийчоь -- Ахмат-Арена, Соьлж-ГIала
Нохчийчоь -- Ахмат-Арена, Соьлж-ГIала

Соьлж-ГIаларчу футболхойн «Ахмат» клубан тренера Шалимов Игора, ахча дац шайгахь, шайна гIо дахьара бохуш, Iедале леткъа нах, деш-дуьтуш а доцуш, даим чIеIаш болу «эрна юурш» бу, элира ша социалан машане йиллинчу видео чохь.

"Стенна деш ду шуна гIо? ХIун хийцадаларе сатуьйсуш? " – хоьттура цо. Дахарна мел леткъарш тховкIело йоцчу нахал (бомж) дика беха. Балхахь мел волчунна ло ахча, бохура цо. "Нагахь санна хьо "маьхза юуург" велахь, хьуна хIумма а ца деш, ахча эца лаахь – и хьан къастам бу", - бехкаш дохура Шалимовс.

Цо кIиранан сарахь инстаграмехь араяьккхина видео яьржира дуккхаъчу машанашкахь, цунна дуьхьал гIаьттира гIара. Амма цул тIаьхьа Шалимовс дIакъевлина шен видео, хIинца яц иза тIекхочехь.

ТIаьхьо «Ахматан» тренера ша Sport24 сайтана интервью луш элира, "ас буьйцурш аьттехьа а бацара цомгуш нах". Ша шен тобанерчу футболхошка луьйш вара, ша бегаш бора, аьлла цо.

Футболан комментатора Уткин Василийс билгалдоккху "Ахмат" карарчу муьрехь йоьдучу Оьрсийчоьнан чемпионатехь тIаьххьарчу меттехь хилар (коронавирус яржарца доьзна юкъахъяьккхина иза). Уткина билгалдоккху Шалимовн алапа шарахь ах миллион доллар гергга хилар.

"Терек" хуьйцуш, "Ахмат" цIе тиллинчу клубан "лараме президент" ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Яхначу заманашкахь гоьваьлла хилла тренер Шалимов волавелла клубан декъашхой Iамо стохка гурахь.

Дуккха а бу эпидемино ахчанца эшамбинчу Оьрсийчоьнан бахархошна Iедало ахча дала догIу аьлла хета политикаш, юкъархой, бевза нах. Оппозиционеран Наваьлныйн жигарллица петици яьржира, масала, Оьрсийчоьнан хIора вахархочунна 20 эзар сом дала деза, аьлла. Ткъа Оьрсийчуьра Iедал ду, ша йоккхачу бизнесна гIодар эвсаре ду, ахча бахархойн карадала ца оьшу, аьлла хеташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG