ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лоьрашна пластикан масканаш ян йолийна Дагестанехь


Юьхь а, бIаьргаш а уьнах ларден пластикан масканаш ян йолийна ХIинжа-ГIаларчу берийн "Кванториум" технопаркехь, хаамбо Дагестанан дешаран а, Iилманийн а министралло.

ГIирс кечбо 3D-принтерца, цкъачунна арахецна 100 маска. Деношкахь дIакхачор ю уьш ХIинжа-ГIаларчу шина дарбан хIусамерчу лоьрашка. COVID-дархошца болх беш лоьрашна вирусах Iалашбала аьтто бийр бу цара.

"Билггал мел арахьоьцур ю масканаш, ала хала ду, 10-зза сов боккхур бу оха болх", - элира "Кавказ. Реалиига" технопаркан дакъа ларалучу "Iилманийн Жимачу академин" пресс-векалтехь.

1958 стаг ву Дагестанехь карарчу ханна коронавирус шайца карийна, товелла 226 стаг, кхелхина 13.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG