ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID- пациентах ун даьлла Краснодарерчу Мехкан клиникера кхаа белхахочунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Мехкан 1-чу клиникерчу хирургин №3 декъан кхаа белхахочо "дIаэцна" дарбадан валийначу пациентера коронавирус, боху kuban24.tv-н портало.

Гарехь, байначу беттан 23-чу дийнахь шайн хIусаме валийначу пациентера кхетта царна ун. COVID-19 ю ала хаалуш вацара иза, амма цуьнца иза хилар тIаьхьа гучудаьлла, боху лоьраша.

Цомгуш хиллачу медикашлахь ву операцеш еш хилла хирург а, реанимацера ши лор а.

Ун хьакхадалар бахьана долуш, цIахь шаьшбевлла Iан дIабахийтина хирургин №3 декъера белхахой, ткъа пациенташ инфекцин хIусаме дехьабаьхна.

Стигалкъекъа-бетта 4-чу денна Краснодар-махкахь коронавирусо лаьцна 1340 стаг, товелла 409, кхелхина 21.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG