ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан муфтий а, цуьнан доьзал а чекхбаьлла коронавирусах


Дагестанан муфтий Абдуллаев Ахьмад а, цуьнан доьзал а цомгуш бара коронавирусах. Цунах лаьцна мехкан муфтиятан официалерчу сайтехула хаийтина муфтийн хIусамнанас Гамзатова Iайнас.

Зудчо бахарехь, доьзалехь массарел а хала лов ун Ахьмад-Хьаьжас.

АбдулаевгIеран доьзална герга болчу наха довзийтира "Кавказ.Реалиина" хьал – цIеранаш тобелла цамгарх, амма ша муфти цкъачунна дарбан хIусамехь ву. Лоьраша бахарехь, толуш ву иза а.

Шен къамелехь Гамзатовас дийцина шайна дарба лелийначу ХIинжа-ГIалин №3 йолчу дарбан хIусамехь коронавирусца къийсам латто лоьрашна гIирс тоьуш цахиларх а, цигахь ур-атталла томографи йоккхийла а цахийларх а лаьцна.

Хьалхо "Кавказ.Реалиино" довзийтира юьйцучу дарбан хIусамера хьал. Бахархойн а, муфтиятан векалийн а ахчанах йина ю и хIусам 2018-чу шарахь. Цхьадолу дакъош дIакъовла а, персонал балхах мукъаяккха а дезна цигахь бюджет яцарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG