ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марха даста хIун хьал хила деза Нохчийчохь хаьийтина мехкан куьйгалхоша


Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада шен инстаграм-агIонехула йинчу эфирехь хаийтина, муха хила деза махкахь хьал Марха достучу деношкахь нах арабовлийта.

Нагахь санна тахана а, гергарчу кIиранашкахь а наха карантин лар а йина, коронавирус яржар лахлахь, даима а санна дIахьор ду Марха досту деза денош Нохчийчохь, аьлла Даудовс.

"Вайга бохург а дина, вай чохь совцахь, йиш хила мега Марха даста арадовла. Иза вайх дозуш ду. Хуьлий дарбан хIусамашкара тобелла арабуьйлурш, цомгуш а хилла, лоьрашна тIекхуьйлучел дукха, тIаккха таро хир ю карантин лахъян", - аьлла спикера.

Цо дийцарехь, хIинца а яц карантин ма-оьшшу ларъеш: «Иза го, хьо ара а ваьлла, дIасахьаьжча».

Официалан тIаьххьарчу хаамашца, Нохчийчохь ун кхетта ву 583 вахархо, дийнахь-буса хаавелларг ву 30 стаг. Товелла 286 пациент, кхелхина уьнах 8.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG