ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ, COVID-19: дийнахь-буса 5 стаг велла, ун кхетта 530-нна


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла, официало баржочу хаамца, пхи стаг. Ун хьакхаделла кхин а 530 вахархочух.

Цхьацца ву велларг Дагестанехь а, Адыгейхь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Ставропол-махкахь а.

COVID-19 яьржичхьана схьа оцу уьнах Къилбаседа Кавказехь верриг а кхелхинарг ву 106 стаг.

Уггаре дукха бу дийнахь-буса шайца вирус гучуяьлла нах Дагестанехь. Терахьаш ишта ду:

  • Краснодар-мохк, керла 97 (1437 юьхьанца дуьйна)
  • Къилбаседа ХIирийчоь, керла 91 (1160 юьхьанца дуьйна)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь, керла 81 (820 юьхьанца дуьйна)
  • ГIалгIайчоь, керла 48 (966 юьхьанца дуьйна)
  • Ставропол-мохк, керла 36 (824 юьхьанца дуьйна)
  • Нохчийчоь, керла 32 (615 юьхьанца дуьйна)
  • Кхарачой-Чергазийчоь, керла 12 (453 юьхьанца дуьйна)
  • Адыгей, керла 5 (190 юьхьанца дуьйна).

8 551 стагах хьакхаделла ун ерриг а Къилбаседа Кавказехь. Ткъа Оьрсийчоьнан юкъара терахь ду карарчу ханна 155 370.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG