ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь хьалхарчу меттехь ю бераш дарца


2020-чу шеран хьалхарчу кхаа беттан Оьрсийчуьра демографин хьал довзийтина РИА "Новости" агенталло. Хьалхарчу меттехь ю бераш дарца Нохчийчоь. Динчу берех 18,8 кхочу махкарчу хIора 1000 вахархочунна.

Лаккхара ду динчу берийн терахь Тывахь (17,7 кхочу хIора 1000 вахархочунна), ГIалгIайчохь (14,8), Алтайхь (13,4), Дагестанехь (13,3).

Амма ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча, лахделла бераш дар шеран хьалхарчу кхаа баттахь – 9,3 бер кхочу х1ора 1 эзар вахархочунна. Дина оцу кхаа баттахь 338 300 бер – стохкачул 6,1% к1езиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG