ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19: Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса велла 4 стаг. Керла уьнхой – 614


Коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабан тIаьххьарчу хаамца, дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь велла 4 стаг. Ун хьакхаделла 614-ннах.

Ставропол-махкахь ши стаг велла, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а – цхьацца. Уьнах юьхьанца дуьйна беллачийн терахь кхаьчна 110-нне.

Дийнахь-буса уггар дукха дархой билгалбевлла Дагестанехь. Терахьаш, дийнахь-буса:

  • Дагестан +181
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +105
  • Краснодар-мохк +97
  • Къилбаседа ХIирийчоь +93
  • ГIалгIайчоь +52
  • Ставропол-мохк +40
  • Нохчийчоь +30
  • Кхарачой-Чергазийчоь +4
  • Адыгей +12
  • Верриг а коронавирус кхеттарг ву Къилбаседа Кавказехь 9 165 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG