ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Онлайнехь а, WhatsApp-хь а тIаьххьара бIаьргтохар. Муха дIабухку коронавирусан эпидемин заманахь белларш


Официалан зерашца, Оьрсийчохь коронавирусах леш болу нах цхьана проценте кхочуш а бац, делахь а нах дIабухкучу бюрон болх алсамбаьлла, бохуш яздо "Настоящее Время" телеканало.

"ХIара хьожайогIу коронавирус йолаелчхьана, тхан компанехь дукха нах балхара шаьш дIабевлла, - дуьйцу Москвахь а, регионашкахь а ритуалан хьелаш кхачочу "Журавли" компанин директоро Болтунов Ильяс". - Шаьш дIабевлла балхара, кхузахь шайх Iитталундерг а хууш. Доцца аьлча, кхерабеллера уьш".

Болтуновс дийцарехь, ритуалан бюрон а, моргийн а белхахоша лардан дезаш ду "Роспотребнадзоро" тIедиллинарг: дакъа чохь долу яьшка къевлина латтор, декъий дIасахьочу заманчохь лерринчу галешчохь хилийтар.

Цу тайпачу галешчохь дIабухкуш хилла, масала, холера я Эболан цамгарх кхелхинарш. Цундела Болтуновн белхалошна беллачийн декъий гуш а дац.

Бакъду, Подмосковьен гIаланашкахь хьал коьртера дуьйнна хийцадала тарло. "Цхьаццанхьа ледара ду гIуллакхаш, - латкъам бо Болтунов Ильяс. - ХIунда аьлча, хIа, дIавига шайн велларг олу. Цуьнца болх муха бийр бу? Ма-дарра аьлча, хаос ма ю иза".

Охан-беттан юьххьехь Санкт-Петербургехь низам арахийцира коьртачу санитаран лоьро: COVID-19 вирусах белларш цинкан яьшканашна чохь бен дIабохка мегар дац аьлла. Иштта кхин цхьа альтернатива а яра - декъий дагор.

"Нагахь санна, веллачух ун дала кхерам белахь а, иза кхелхина ши сахьт даллалц бен лаьтташ бац и кхерам, - дуьйцу медицинан Iилманийн докторо, профессоро Власов Василийс. - Шен веллачу гергарчух тIаьххьара бIаьргтоха а, цунах къаста а шолгIачу дийнахь бен гуллуш Iедал дац. Ткъа иштта нисделча цунах ун долийла яц".

Лоьраша беллачух кхерар ца хьоьху, мелхо а дийначух ларло боху цара. Хууш ма хиллара, веллачуьнца Iодика ян тIегулло цуьнан гергара а, бевза-беза а нах. "Роспотребнадзоро" доьхкуш дац цига кадамбан вахар, амма гIо аьлла, магош дац.

Пандемин заманчохь кадамбарна альтернатива ю - тезет онлайнехь гайтар. Карарчу хенахь Оьрсийчохь леладаьлла ишта хьал.

"Бахархошна хьелаш латтон муьлхха сфера а, хуьлийла иза йохка-эцар а, уьш декхаре бу кху хийцалучу заманчохь стенна а кийча хила. ХIокху хьелашкахь цхьа контакт ю хиланза ца йолуш - документаш дIасадалар", - боху "Честный агент" цIе йолчу Москварчу ритуалан хьаштийн бюро кхиорехь директор волчу Сосновый Павела.

Виртуалехь веллачьунца Iодикаяр муха хуьлу аьлча: цхьана крематорин чохь камераш ю хIиттийна, дистанцехь гергарчарна хьовса аьтто беш.
ДIакъевлина видеотрансляци ю дIахьош ритуалан агенталлан сайта тIехь.

Ткъа оцу хIусамчохь дакъалоцу нах вовшах къастош царна юкъахь хьекхна сизаш ду.

Москван зеделлачух пайдаэца буьйлабелла кхечу регионашкахь а цхьана. Масала, йоьдучу эфирехь хIоттош ду веллачунна тезет Башкирехь а.

"Таханалерачу дийнахь уггар а гоьяьлла зIе WhatsApp-н мессенджер ю. Иза массеран а йолуш ю. Тезета баха йиш йоцуш бисинарш вовшахтуху цхьана группехь, тIаккха клиентан дехаре хьаьжжина, гойту", - бохуш, дуьйцу "УфаРитуал"агенталлан куьйгалхочо Рублева Галинас.

Цу тайпа хьашташ карантин юхаяьккхинчул тIаьхьа а бахархошна кхачон дагахь ю Рублева Галинин агенталла.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG