ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лоьрийн алапа шозза лакхадаьккхина Кхарачой-Чергазийчохь


Коронавирусах цомгушчарна дарбадечу лоьрийн алапа шозза лакхадаьккхина Кхарачой-Чергазийчохь, хаам бо "Интерфаксо".

30 эзар сом алапа оьцуш хиллачу лоьро оьцур ду хIинца 60 эзар, медйижаршна а, медикийн лахарчу персонална а лур ду 40 эзар сом гергга баттахь.

ТIекхеташ йолу федералан а, регbонан а тарифаш юьхьаръэцча, юккъерчу барамехь лоьранна кхочур ду баттахь 183 эзар сом алапа, юккъерчу персонало оьцур ду 122 эзар сом, лахарчу персонало – 83 эзар сом.

Коронавирус кхетта ву Кхарачой-Чергазийчохь 457 стаг, велла цунах 2.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG