ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийчуьрчу цхьана дарбан хIусамехь коронавирусах цомгуш хилла 24 медик


Къилбаседа ХIирийчоьнан Ардон гIаларчу дарбан хIусамехь коронавирусах цомгуш хилла 24 белхахо, шайлахь 8 лор а волуш. Хаам шен инстаграм-агоIнехь баржийна оцу хьокъехь меттигерчу Iедало.

Стигалкъекъа-беттан 3-чу дийнахь болийна кIоштан дарбан цIийно коронавирусах цомгуш хилла нах тIеэца. Бакъду, элира «Кавказ.Реалиига» гIалин куьйгалхочо Тотров Владислава, медикашна ун даьлла хилар тесташа гайтира и де тIе а кхачале.

Тотровс бахарехь, хIинца цIахь, изоляцехь, дарба лелош бу медикаш.

БуьритIехь коронавирусах тешаш воцу 2000 стаг Охан-беттан 20-чу дийнахь гулвелча, Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедало Ардонан а, Пригороднин а кIоштийн дарбан хIусамаш кечъян йолийра ун кхетта хила тарло нах чубийшо. Протестхоша, карантинан пусар а ца деш, изоляцин хьелаш талхор тIаьхьало йоцуш дуьсур дац, коронавирус шоръяла мега махкахь, аьлла яра хIетахь Оьрсийчоьнан бахархойн хьаштийн урхалло Роспотребнадзоро йина прогноз а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG